Къахьармас тиллина т1ай
КЪАХЬАРМАС ТИЛЛИНА ТlАЙ
Газета “Ленинец”
17 январь, 1969 шо, № 7 (1280) 4стр
Советскерчу бахархошна цхьаболчарна вевзаш хир ву хьалха шайн юьртахь вехаш-lаш хилла волу, Къахьарма цlе йолу стаг. Массарна а ца вовзахь а, бакхийчу нахана-м дага вогlуш хир ву иза. Вуьшта, дага ца веача а, Советскера Вашандара юьрта боьдучу новкъа а ваьлла, Ваьрда-Аьхки тlехула тиллинчу муьша тlай тlе кхаьчча-м вогlу Къахьарма хlоранна а дага:
«Давелла йисса хьо lожалла! Адамашна некъахошна чlогlа оьшуш долу хlара тlай тиллинчу Къахьарми дахаран некъ хадийна йолу. Кхузахь ас хlоттийна lалашо белла нах дагалацар а яц, Делахь а, церан дахаро йитина лар дагахь латторна дийци-кх.»
Лакхахь хьахийна долу тlай ца девзаш дукха стаг хир вац Советски юьртахь. Юьртахь-м хlунда дуьйцуьра иза районехь а гlарадаьлла.
– Дийцахьа, хlоранна а девзаш хилча, башха дика тlай хила ца дезара иза ?
– Дика тlай хилчи-м гlардаьлла дуьйцуш а хир дацара юьртара муьшан тlай. Цуьнан гlарадалар кхечунах дозуш ду.
– Алахь, стенах дозуш ду ?
– И дера ду, тlай Ваьрда-Аьхки чукхетта хиларх дозуш. Цхьана дийнахь Кирови цlарахчу колхозе командировке воьдуш ши-кхо накъост кхийтира сох. Уьш баккхий нах бара. Вовшашка луьйш-олуш оцу дийцаре-дечу муьшан тlай тlе кхечира тхо. Тlай телхина хиларна, аьхки тlехь ша бина хир бу кх, ша тlехула дехьа довла деза, аьлла аьхки чу диссира тхо.
Амма тхуна моьттург харц хиллера. Хи тlехь кlеззиге гlура яра. Делахь а, стеган дегlан дозалла ловр долуш бацара ша. Кхосса-кхоссалуш дехьа а ваьлла, вуха хьажча ша каг а белла, хичу воьжна гира суна сайн накъостех воккахниг. Бертал воьжна-м важа шиъ а вара. И тlай районехула гlара даьккхийна дийцар царех дозуш ду моьтту суна.
Юха а, ца хилан а тарло. Хlунда аьлча, советскерчу юьртсоветан председатела Бибулатов Увайсас ша даьккхина и гlуллакх гlара. Бахархошкара самооблажени схьагулъеш цо дош деллера дийцаре деш долу муьшан тlай духа тиллийта. Бакъду, иза-м хlинци а шен дешах воьхна а вац. Тlай тилларан проект хlоттор ОКХ-н заведующи волчу Мадаев lусамина тlедиллина цо.
Оцу хьокъехь Мадаевца а хилира тхан къамел. Шен къамелехь lусамас элира:
– Суьранна балхара мокъа ваьлча хlоттон йолийна ас и проект. Кестта хlоттийна а йолуьйтур ю. Амма цул тlаьхьа а, тlай тилларан гlуллакх дахдаларна кхоьру-кх. Иза тиллийта гlирс ма оьшу. Ткъа иза кечбар юьртсовето хьахош а дац.
Цунах шек бу моьтту суна юьртара бахархой а. Шеко хуьлуьйла-м ю.
М. БУЛАЕВ
P.S. Речь в статье идет о мосте на выезде из Шатоя в сторону Вашендароя.